Оьрсийчоьнан архитекторийн кхеташоно – "Кентавр" олу совIат делира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна. СовгIат дIалуш церемони Соьлж-ГӀалахь йара, амма ша совгӀат схьаоьцург воцуш вара цигахь. "Академик" Кадыров Рамзанна хьалха а, дуккха нахана дагахь а доцу совгӀаташ а, цӀераш а йелла: муха нисвелла иза тоьллачу архитекторшна юкъа дуьйцу редакцин материалехь.
"Кентавр" сийлаллин седа "архитектурехь лаккхара кхиамаш барна а, гӀаланаш кхиорехь а, йаккхи проекташкахь дакъа лацарна луш бу". Нохчийчоьнан куьйгалхочун билггал хIун архитектуран проекташ, архитектуран кхеташоно тидаме а эцна, совгIат дина официалехь йовзийтина йац.
ГӀишлошъйарехь уьш дуьххьарлера кхиамаш бац Нохчийчоьнан куьйгалхочун: 2024-чу шеран гурахь Кадыровна "Оьрсийчоьнан сийлахь гӀишлошъйархо" седа белира. Ткъа Нохчийчохь "Сийлахь гӀишлошъйархо" 2006-чу шарахь дуьйна кхакхийна вара иза, цул хьалха республикан президент хиллачу Алханов Ӏелас. ХӀетахь совгӀаташ даларан церемони дӀахьош, дуккха тIех совнаха хьестош дешнаш олуш дацара: масала, хӀетахь, Кадыровн делла совгӀат, тӀом дӀабирзинчул тӀаьхьа Устрада-гIала а, Гуьмсе а меттахӀотторна делла санна тидира.
Республикан куьйгалхочун даржехь ткъехь шарахь сов йоккхучу ханна, Россиин а, регионан а, дуьненаюкъара а, бӀе гергга совгӀат делла цуьнна, царна йукъахь йу Россиин Турпалхо цӀе а, "Даймехкана гӀуллакх дарна" II–IV тIегIана йолу орден а. Царна йукъахь йу дуккха а щеконе йолу цӀераш – "Нохчийн Республикан сийлахь бакъонашларъярхо" а, "Сийлахь адамийн бакъонашларъярхо" а цӀераш. 2007-чу шарахь, тӀаьххьара совгIат делира цунна Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъяран комитето, цу хеначохь спецслцжбин ветеран инарла-полковник Данилов Игорь коьртехь а волуш.
Кадыровн кхин долу совгӀаташ, цо шен лаамца кхоьллина дара, шен личностан культ чӀагӀъйаш. Царна юкъахь йу, масала, "Нохчийчоьнан турпалхо" цӀе – 2022-гӀа шо чекхдолуш цо ша кхоьллина совIат дара иза, масех бутт баьлча, цо ша шенна и совгIат делира.
Кхин долу совгӀаташ, дукха хьолахь ведомстван совгӀаташ ду, цунна муьтӀахь болчу республикан куьйгалхоша шаьш цунна тешаме муьтIахь хилар гойтуш делла. Царна юкъахь йу, масала, стоматологин I-ра тIегIан орден (2022-чу шеран мангал-баттахь схьаэцна), "Нохчийн мотт" - нохчийн мотт а нохчийн литература а кхиорехь йелла орден а (2021-чу шеран марсхоькху-баттахь).
Дечу диканал а, алсам зен до
Соьлжа-ГӀалин мэрин хилла архитекторо редакцица динчу къамелехь билгалдоккху, и формалан архитекторан совгIаташ, цуьнан бакъдолчу дикачу гӀуллакхийн мах хадор дац, амма ду, цуьнан политически Iаткам гайтар дуьхьа. Москварчу цхьаболчу нахана а оьшу шаьш Нохчийчохь дӀакхайкхош йолу проекташ тIехь, Кадыровн накъосталла, цундела цхьац-ца совгIаташ кхийда до цара, - кхетадо эксперто, кхерамазаллин бахьанашца шен цӀе ца йовзийтар доьхуш.
"И тайпа совгIаташ даллал, вайн кхин цо йина проект хууш ца хилча, хетарехь, цара буьйца кхиамаш иза "Нохчий Дог" маьждиг а, Устрада-гIалара "Ненан Дог" маьждиг а, "Грозный-Сити" а, "Ахьмад-БIов" проекташ хира йу, тIаьххарниг - хӀинца а фундамент йуттуш бен йац. Ткъа Кадыровс архитектурехь ай йаккхи проекташкахь йа кхиамаш бина бохург, соьга хаьттича, щеконе ду, - боху Соьлжа- гIалан мэрехь хилла архитекторо.
Нохчийчоьнан куьйгалхо массо а проекташна бохург санна юкъагӀерта, бохуш дуьйцу цо кхидӀа а, амма цхьана а архитекторан дуьхьал хIума ала йиш йац. Кадыровс инспекцеш йича, проектехь хийцамаш бан безаш хуьла, эрна ахчанаш а дойуш, ГОСТ-н стандарташка хьажча, дуккха а эшам беш, билгалдоккху хьостано.
"ГӀишлошъйар чекхдолучу муьрехь хийцамаш бан волавелча, цо проектан инзаре зен до", - бохуш, жамӀ до цо.
Вайна цIена гуш ду, "кхин цхьа совгIат", Соьлж-ГӀалахь дӀаяьхьначу Оьрсийчоьнан регионийн архитекторийн кхеташонан декъахоша, формалан дина дуйла, билгалдоккху Соьлж-ГӀаларчу цхьана университетан политолого, шен цIе ца йовзийтар доьхуш, редакцица динчу къамелехь.
"Хетарехь, и барам вовшахтохарехь дакъалаьцначу меттигерчу хьаькамаша дIахайтина хьешашна, тхан иштта ламаст ду аьлла – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна баркалла аьлла ца Ӏаш, кхин а "дагалецаме" баркалла алла, тIаккха цара и "ламаст" кхочуш дина“, - дуьйца цо.
Кадыровн гуо, цуьнан цӀе даима а, массанхьа а, муьлхха а бахьанца, йоккхуш-хезаш хилийта гӀерта, коьртаниг ду – совгӀаташ дан бахьана даккха, -боху Ичкерин политикан "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана.
"И хIума беламе хилар, цхьанна а са ца гаттало. Шерашкахь болх беш йу и схема. Республикан бахархоша, хIинца кхин тергал деш дац и совгӀаташ. Дуккхаъчарна кIордийна Iедало лелорг, стенна аьлча, кхин политикан хийцамаш хира бу аьлла сатуьйсийла йоцу дера", - аьлла, дӀахьедира цо.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀенташна а, йоӀаршна а кест-кеста керла совгӀаташ а, мидалш а, орденаш а ло. Дукха хан йоццуш Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре язвина Кадыров Адам, Оьрсийчоьнан Федерацин цхьана субъектан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан уггаре жима куьйгалхо санна. Журавел Никитана йиттинчул тӀаьхьа Кадыров Адамана Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхо аьлла, цIе йелира, тIаккха – Оьрсийчоьнан кхечу регионийн цхьа могIа совгIаташ а. Масала, ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама ша дIакховдийра Кадыровна-жимахволчунна шайн республикера йезачух шолгIа "Дуслык" орден. "Къаьмнашна а, динашна а йукъара машар а, барт а чIагIбеш доккха дакъалацарна" аьлла, делира совгIат. Татарстанна тIаьххье Кхарачой-Чергазийчохь а делира цунна регионан лаккхара совгIат, иштта "Умматана гергахь гIуллакхаш дарна" орден а. Татарстанна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а хьалха хIун мехала гIуллакхаш дина Кадыров Адама – къаьстина дац.
- 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.Тептарехь нисъйелла Кадыровн хIусамнана Кадырова Медни а, цуьнан шолгIа зуда ю боху Хазуева Фатима а, кхозлагIа цIийнана лоруш йолу Ахмадова Аминат а, Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIарий, культурин министран даржехь йолу Iайшат, Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан коьртехь йолу Карина (Хадижат), Табарик а, шича – бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр Ибрагимов Турпал-Iела а.Цул совнах, санкциш тоьхна иштта, Кадырова Iайшат урхаллехь йолчу модин «Фирдаус» цIенна а.